Ученица Лицея «Квант», который функционирует на базе Республиканского комплекса общего и дополнительного образования, Цуцаева Сурьяна заняла третье место в конкурсе «САН НАНА — НОХЧИЙЧОЬ».
С удовольствием делимся её произведением:
Даймохк х1ора къома йуьхь йу. И шеконе дуьллуш верг тилвелла лелаш ву.
Нохчийн къома Даймохк -Нана Нохчийчоь. Нохчаша даимна а сий дина, лар йина, дегнашкахь кхаьбна и. Х1ора а нохчо, шен доьзлехь дукхвеза доьзалхо санна,мел генахь и хиларх т1еийзаво Даймахко. Цо ло х1оранне марзо, йовхо, тешам, ниц1къ. Шен махкахь бен ца хуьлу эвххьаза мохь тоха маьрша.
Дукха халонаш лайна, Нана Нохчийчоь!
Хьо лар йоцуш йаре сатуьйсуш, хьан къам хьо йицйина дохкадаларе сатуьйсуш, хьан т1аьхье декъаза гаре сатуьйсуш, шаьш дакъаза бевллачу наха ка йиттина хьоьх.
Амма ц1къа а ца гина цхьанне а хьа лаьмнийн баххьаш корта та1ийна, хьан б1аьвнин баккъаш букар дахна, йа хьан шовданан илли шакарх тарделла.
Нохчийчоь! Ма хаза мохк бу хьо!
Денна хьалах1иттайо динан, 1илманан, культурийн, дешаран шахьарш. Де-дийне мел долу туьйранахь санна хазлуш ду урамаш, некъаш. Олхазарш хестайо б1аьсте, бераш самукъане хьийза , наноша до буьйсанна до1анаш, дайша, шайх ц1арлахь чим хилахь ларйо нохчочуьнна ц1е!
Тха дай баьхна а, беха а, тхо лийр а ,лаьттах г1ондолу Нана Нохчийчоь!
Ирс хета -хьан йо1 со йу ала, хьан маттахь, хьо Деле йеха, хьан сий дина оьшучохь са д1адала а.
Нохчийчоь!
Гур йац хьо х1оьттина цхьанне а гуора.
Орамаш тесина хьан дега пхенаша йахьах.
Ткъа хилахь жимма а хьан эшна г1ора.
Тхайн ц1ийца дузур и пхенаш х1ора.
Ученица Лицея «Квант», Цуцаева Сурьяна заняла третье место в конкурсе «САН НАНА












