И деккъа дезде хилла ца 1аш, ненан меттан а, культурин а, г1иллакхийн а даггара ларам бар дара.
Цхьаьнакхетаран декъашхошна а, хьешашна а лерина, жима къовсам а бара классаш йуккъехь д1ахьош. Къовсадалар кхаа номинацехь д1адаьхьира:
«Ламастийн амал» — нохчийн хот1ехь тоьлла куц далор.
«Даймехкан лаьттан чам» — нохчийн уггаре а мерза а, ламасталлин а кхача.
«Цхьааллин ницкъ» — уггаре а дукха ахча гулдина класс.
Х1ора тобано а кечам дика а бинера, бакъдолу хьошалла а гайтира!
Йукъарчу а, т1етоьхначу а дешаран республикански комплекса йукъайог1учу «Квант»д1айаьхьира къоман ламасташ а, нохчийн мотт а ларбаран 1алашонца вовшахтоьхна йолу б1аьстенан ярмарка











