«ОВТА» ц1е йолчу къоначу талламхойн цхьаьнакхетараллин декъашхойн аьтто хилира «Даймохк» газетан редакце хьошалг1а баха

«ОВТА» ц1е йолчу къоначу талламхойн цхьаьнакхетараллин декъашхойн аьтто хилира «Даймохк» газетан редакце хьошалг1а баха.


«Даймохк» газетан исторех а, нохчийн маттах а, журналистикех а лаьцна студенташна дийцира «Даймохк» газетан коьртачу редактора Шамсудинов Бувайсара а, Журналисташ кечбаран а, йухакечбаран а туьшан директора Юнусов Хьамзата а, Нохчийн Республикин хьакъволчу журналиста Дадаев Сайд-Хьасана а, «Даймохк» газетан культурин а, дешаран а редакцин редактора Эльдерханова Зайнапа а.


«Даймохк» газетан редакцин а, «ОВТА» ц1е йолчу цхьаьнакхетараллин а сацам хилира-баттахь цкъа газетан аг1онашкахь декъашхойн аьтто хир бу шайн рубрика д1айахьа, иштта шайн коьчал, байташ зорбане йаха.


Цхьанакхетар дIадаьлча, студенташа дакъалецира, Нохчийн халкъан историн, исторически х1олламийн, архитектурин, культурин т1аьхьалонан шеран жам1деш,«Даймохк» газетан редакцин акцехь. Урамехь машенашкахь т1ехбуьйлучу г1алин бахархошна газеташ д1асадийкъира. Доккхачу хазахетарца а, баркаллица а схьаоьцура бахархоша газеташ.


Чеченский Государственный Педагогический Университет

Аслан Музаев

Я студент, люблю спорт, надеюсь стать спортивным комментатором

Оцените автора
Чечня Инфо
Добавить комментарий