НПХьУ-н кхерчахь студенташна йуккъехь дебаташ дIайаьхьира. Мехала гулам цхьанатоьхнарг къоначу нохчийн меттан, литературин талламхойн «ОВТА» цхьаьнакхетаралла йара.
Дебаташкахь дийцаре динарг дара тIекхуьучу чкъоро нохчийн мотт ледара бийцара, хьаша-да тIеоьцуш долчу гIиллакхийн мехалла, ткъа иштта нохчийн меттан диалектийн башхаллаш. Декъахоша жигара болх бира, шайн синкIоме ойланаш йовзийтира.
Чаккхенехь жигара хиллачу студенташна толамхойн дипломаш а, совгIатна книгаш а йелира.











