Цу декъахь «Литературоведени» номинацехь йазйира филологин Iилманийн кандидат, НПХьУ-н нохчийн филологин кафедрин куьйгалхо Товсултанова Джамиля, «Фольклор» номинацехь билгалйира филологин Iилманийн кандидат, НПХьУ-н нохчийн филологин кафедрин доцент Ахаева Милана, «МеттаIилма» номинацехь меттигаш йахарца къастийра НПХьУ-н нохчийн филологин кафедрин доценташ Вагапов Iарби, Эдилов Салавди, лакхара хьехархой Абдулкадыров Адам, Бадаева Iайшат, «Истори» номинацехь билгалваьккхира историн Iилманийн кандидат, НПХьУ-н историн кафедрин доцент Сулумов Зелимхан.
Студентийн, магистрантийн декъахь «Литературоведени» номинацехь къастийра НПХьУ-н студенташ Пуцаева Хеда, Кантаева Элима, Адагова Хьава, Дамагова Тамила, «МеттаIилма» номинацехь — Альбекова Камилла, Абдурахманова Диана, «Истори» номинацехь билгалйаьккхира Мужаитова Раяна.











