Нохчийн меттан де билгалдокхуш

Образование: изображение отсутствует

2023-чу шеран оханан беттан 19-чу дийнахь Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзанс д1акхайкхинчу нохчийн меттан шарна т1ехьажийна М.Д Миллионщиковн ц1арахчу ИЦЭиТП— факультетийн йукъарчу меттанийн кафедро («МФЯК») гурашкахь бинчу белхан жам1аш лоруш, иштта Нохчийн меттан Денна лерина мехала «Шайн са ца кхоош нохчийн меттан сий динарш» ц1е йолу горга стол д1айаьхьира.

Горгачу стоьле кхайкхина вара НР 1илманан Академин белхахо Абдулкадыров Адам. Адама дийцира нохчийн меттан дошамах лаьцна а, иштта ша йинчу кесталлин дошамах лаьцна а. 

Нохчийн меттан де билгалдокхуш

Студенташа деллачу хаттаршна жоьпаш делира. Студенташа йийшира нохчийн маттах лаьцна докладаш.

Цхьаьнакхетарехь вистхилира кхетош-кхиоран декъехула волу ректоран г1оьнча Габазов 1иса.

“Иштта долчу цхьаьнакхетарша 1аламат мехалниг дохьу йукъаралле”, — элира цо шен къамел дерзош.

Ректоран ц1арах баркаллин кехаташца билгалбехира белхахой а, студенташ а. 
Нохчийн мотт бехар бу нохчийн къам мел деха!

Дала т1аьхье беркате йойла вайн!

Аслан Музаев

Я студент, люблю спорт, надеюсь стать спортивным комментатором

Оцените автора
Чечня Инфо
Добавить комментарий