Нохчийн меттан даьнца декъалдар

Университетская жизнь: изображение отсутствует

Лараме Нохчийн Республикин Мехк-Да, Россин Турпалхо Ахьмад-Хьаьжин Рамзан! Хьомсара махкахой!

Сайн цIарах а, Грозненски пачхьалкхан мехкадаьттан технически университетан белхахойн цIарах а, ас даггара декъалдо шу Нохчийн меттан денца! Нохчийн халкъан уггаре а коьртачех хазна ю нохчийн мотт. Вайн къомах дIакъасталур доцу дакъа ду иза, бIешерийн Iадаташ а, гIиллакхаш а, ламасташ а, истори а, культура а санна. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ӏабдулхьамидан Ахьмад-Хьаьжас (Дала гIазот къобалдойла цуьнан!) олура: «Мотт ца хилча, къам а ца хуьлу».

Тахана регионан куьйгалло оьшуш мел дерг до ненан мотт Iалашбарехьа а, кхиорехьа а. Нохчийн Республикан куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан омрица билгалдаьккхина долу Нохчийн меттан де хIора шарахь апрель беттан 25-гIа чу дийнахь даздар хаза гIиллакх хилла схьадогIуш ду. Ткъа 2023-гIа шо Нохчийн Республикин Мехк-Дас Нохчийн меттан шо ду аьлла, дIакхайкхийна.

ХIара шо лерина ду вайн къоман хаза гIиллакхаш а, оьздангалла а ша тайпа истори билгалаякха а, карлаякха а. Цундела вай декхар ду ненан мотт Iалашбар, кхиор, тIекхуьучу чкъурана цуьнан хазна дIакховдор. Нохчийн мотт бийца, кхио а Везачу Дала хьекъал, кхетам лойла вайна! Вайн ненан мотт безаш, цуьнан сий а, дозалла а деш, ирсе дехийла вай!

 

#25гIа_апрель #Ненанмотт #ларбе_нохчийнмотт

Аслан Музаев

Я студент, люблю спорт, надеюсь стать спортивным комментатором

Оцените автора
Чечня Инфо
Добавить комментарий