Нохчийн филологин кафедрин куьйгалхочо №1 йолчу Лицейхь а, Соьлжа-ГӀалин №5 йолчу Гимназехь цхьаьнакхетар дӀадаьхьира

Нохчийн филологин кафедрино, ма-дарра аьлча, кафедрин куьйгалхочо Товсултанова Джамиляс, лакхарчу хьехархочо Абдулкадыров Адама, методисто Абдурахманова Дианас, Н.А. Назарбаевн цӀарахчу №1 йолчу Лицейхь а, Соьлжа-ГӀалин №5 йолчу Гимназехь цхьаьнакхетар дӀадаьхьира.


Цхьаьнакхетаран коьрта Ӏалашо йара «Нохчийн мотт а, литература а» профилан, «Нохчийн мотт а, литература а», «Оьрсийн мотт а» профилийн, «Нохчийн мотт а», «Ингалсан мотт а» профилийн практика дӀайахьаран дикаллина гӀо латтор.


Кафедрин хьехархоша директоран заместительца а, нохчийн меттан хьехархошца а практикантех хьакхалун хаттарш дийцаре дира, ткъа иштта цхьайттолгӀачу классаца профориентаци хьокъехь къамелаш а дӀадаьхьира.




Чеченский Государственный Педагогический Университет

Аслан Музаев

Я студент, люблю спорт, надеюсь стать спортивным комментатором

Оцените автора
Чечня Инфо
Добавить комментарий