Мархийн бутт (Рамадан) — Дом детского творчества Гудермесского муниципального района

 

Нохчийн къоман дезденошна йукъахь, коьртачех меттиг схьалаьцна, хlорашарахь вай шуьйрачу барамехь даздарца билгалдоккхуш ду мархадастаран де.

Мархийн бутт (Рамадан) Аллахl-Дала бусалба нахана кхочушдан тlедехкинчу пхеа декхарех цхьаъ ду.

Вайна ма-хаъара и декхарш (фарзаш) хlорш ду, пхеа бlогlамехь гулдина:

1. Аллахl-Дела воцуриг, кхин цхьа дела а вац, Мухьаммад-пайхамар (Д.С.С.Х.Ц) Аллахlан Элча (Геланча) а ву, аьлла, ахь дина тоьшалла (шахlадат) ду.

2. Ламаз дар ду.

3. Рамадан беттан марханаш кхабар ду.

4. Шен бахамна тlера закат (сагlа) далар ду.

5. Ницкъ кхачахь(некъан хьолаца, могашаллица), Маккахь долчу Хьажцlа вахар ду.

Мархадастаран дезде бусалба динан дезде (lийда) делахь а, вайн къомо лакхара ларам беш, шуьйрачу барамехь даздеш, билгалдоккхуш ду.

Мархийн баттахь уьш кхобу, таравихь-ламазаш до, сагlанаш доху, вовшийн йукъаметтигаш тайо, хазйо, вовшашна мелла а дика хуьлу адамаш, вовшашна къинтlера бовлийн, маслаlате хуьлу.

Мархийн бутт лийринарш Аллахlа лоьрур бу, уьш декъала а хир бу…

Аслан Музаев
Аслан Музаев

Я студент, люблю спорт, надеюсь стать спортивным комментатором

Оцените автора
Чечня Инфо
Добавить комментарий