Гуьмсан муниципальни к1оштан дешар т1едузаран муниципальни бюджетан хьукматан «Къоначу техникийн ц1ийнан» белхалоша, чиллин беттан 22-чу дийнахь, Гезлой-Эвларчу N°1 йолчу ишколехь, д1адаьхьира нохчийн меттан Шарна лерина долу «Ламастийн т1аьхьенаш» ц1е йолу вовшахкхетар. Вовшахкхетаре кхайкхинчу хьешашна гайтаре дира:
1. Нохчийн хьалхалерчу 1ер-дахаран шира г1ирсаш;
2. Йиллина заняти «Сацкъаран хаздарш»;
3. Нохчийн къоман даарш.
Вовшахкхетаре кхайкхинчу, йуьртарчу къаноша дийцира вайн къам махкахдаккхархий, 13 шарахь вайн къомо, хийрачу махкахь лайначу халонеххий лаьцна.
Гулбеллачара лакхара мах хадийра вовшахкхетаран а, бинчу белхан а. Къаьсттина, къаноша билгалдаьккхира, вайн къоман довш лаьтта, хаза г1иллакхаш ц1индарехь, доккхачу маь1не хилар иштта вовшахкхетар.











